Android
Android («Андро́ид») — телефонашна а, планшетни компьютершна а, электронни киншкашна а, цифровой проигрывательшна а, телевизоршна а, нетбукашна а, смартбукашна а лерина операционни система. ТIаьхьалонна и система машенашна а ян лаам бу. И операционни система Linux олучу ядро тIехь а, Google компанин шен долара Java Virtual Machine виртуальни машенан тIехь а кхоьллина ю. Кхолла йолийна хилла Android Inc. компанис, амма тIаьхьо цаьргара и кхоьллам схьаэцна Google компанис. Цул тIаьхьа цо кхоьллина Open Handset Alliance (OHA) альянс, хIинца Android-н накъосталла а, иза кхин дIа кхиаяран а белхаш беш йолу. Android ОС аьтто ло Java-приложенеш кхолла, Google библиотекашна чухула урхалла деш йолу. Ткъа Android Native Development Kit-н гIоьнца библиотекаш а, приложенин компоненташ а партировать яло, нагахь санна уьш я Си а, я кхечу программированин меттанашкахь кхоьллина елахь.
2014-чу шеран шолгIачу кварталехь йоьхкинчу смартфонийн 86% чу хIоттийна хилла Android операционни система[1].
- ↑ "Android Captures Record 85% Share of Global Smartphone Shipments in Q2 2014"(ингалс.). http://www.strategyanalytics.com. 2014-07-30. ТӀекхачаран де: 2014 ш. 03 августехь.
{{cite news}}
: Внешняя ссылка в
(справка)|publisher=