Чулацаман тӀегӀо

Одиенне

09°30′05″ къ. ш. 07°33′45″ м. д.HGЯO
Талланза
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
ГӀала
Одиенне
фр. Odienné
09°30′05″ къ. ш. 07°33′45″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх  Кот-д’Ивуар
Область Денгеле
Истори а, географи а
Центран локхалла 451 м
Сахьтан аса UTC+0
Бахархой
Бахархой 50 506 стаг (2014)
Картин тӀехь
Одиенне картан тӀехь
Одиенне

Одиенне́ (фр. Odienné) — Кот-д’Ивуаран къилбаседа-малхбузен декъера гӀала, Денгеле областан административан йукъ, иштта цӀе йолчу муниципалитетан центр а.

ГӀала лаьтта 670 км къилбаседа-малхбузехьа Абиджанан а, 550 км коьрта шахьрина, Ямусукро гӀалина а, Гвинейца дозанин гена йоццуш. Абсолютан локхалла — 451 метр хӀордан тӀегӀаал тӀехула[1]. 15 км Одиеннен малхбузехьа лаьтта гранитан лам Денг-Келе (цуьнан абсолютан локхалла йу 600 м), иза дика го гӀалара. Одиеннен гена доццун долало Бауле эрк, иза охьадоьду къилбаседа агӀора, дӀакхета Нигер эрках Малин махкахь. КӀеззиг малхбалехьа Баулен хьостан долало Сасандра эрк, иза, вукха агӀор, къилбехьа доьду, чукхета Гвинейн аймаГвинейн аймин. Одиенне меттиган кӀошт саванна йу, иза йукъ-йукъахь хьаннийн дакъош долуш йу.

2013 шеран хаамашца бахархойн барам 56 944 стаг[2].

Шерашкахула гӀалин бахархойн бараман динамика:

1975 1988 2013
13 911 28 266 56 944

Экономикин бух бу коьртаниг йуьртан бахамехь, коьрта культураш — кешью бӀараш, бамба, ямс. ГӀалин гена доццуш деши доккха.

ГӀалахь йу аэропорт Одиенне.

ГӀарабевлла гӀалахой

[бӀаьра нисйан | нисйан]

ГӀалахь вина гӀараваьлла регги лакхархо, Тикен Джа Факоли а, футболист Конате Мохьаммад а.

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. Odienne, Cote D'Ivoire (Ivory Coast) Page (инг.). Fallingrain Global Gazetteer. ТӀекхочу дата: 2025 шеран 27 сентябрь. Архивйина 2013 шеран 17 февралехь
  2. Odienné (инг.). World Gazetteer. ТӀекхочу дата: 2025 шеран 27 сентябрь. Архивйина 2013 шеран 17 февралехь Архивйина 2013-04-12 at archive.today